61. Керайукъ йу бехке

Сан куьйгех б1аьрг кхетча, Нанна
Г1амарш кегор  гучудаьлла.
Сан керайукъ йаста дийзи,
Ас мел динчух Нана-м кхийти.

Керайуккъехь махцарг йаьлла,
Нана-м  цицигах  шекйаьлла.
Х1ун ду цициг  ас ловзийча,
Бехк буй сан и дезаш хилча?

-  Ас мосазза аьлла хьоьга
Шкаф чу хаттаза ма кховда?
Итт кампет бен гал ца йаьлла,
Кераюккъехь хьоькх айкхйаьлла.

Балдех пхьош ас сихха хьаькхи,
Бат  ц1анйеш, басар д1а даьккхи.
Таммаг1но со гучуяьккхи.
Керайукъ йу йухаъ бехке.

Вашас суна хьехар дира:
- Хьайн бедарш ц1ена хилийта.
Сабанца йуьхь, куьйгаш дила,
Нанас аьлларг лардеш хила.

Нана оьг1аз ца эхийта,
"Дика йо1 йу" сайх алийта,
Мало ца йо бедарш хийца,
Керайукъ ас ларйо х1инца.

Азман Джабраилова


Рецензии