Къинхетам ненан

Къинхетам ненан.

Буьйса йу,  хан йаьлла, адам д1атийна,
Седарчиш гуо бина баттана,- тийна,
Набарна йижанза нана 1а г1ийла,
Сагатдеш, ков лардеш, хьо ларвеш хийла.

Ца йууш, ца молуш пхьор  хьуна латтош,
Хьан дуьхьа бала ловш, хиларх букъ саттош,
Ц1аванза хьевелча, б1аьрза, садетташ,
Шен корехь лаьтта чиркх серла а боккхуш.

Халонех ларво цо, хьо Деле воьхуш,
Аьтту хьан хилийтар до1анца доьхуш,
Нийса некъ хьоьху цо, новкъа хьо воккхуш,
Нана йу,  хьан дуьхьа, хан-зама йоккхуш.

Ког-когах кхетта хьо халоно лацахь,
Тешнабехк биначе доттаг1 ца кхачахь,
Т1е товжа стаг воцуш висахь хьо кхана,
Хьо волчу орцанца кхочур йу - НАНА!

20. 06. 22ш. /Джабраилова/- Абубакарова Раиса.


Рецензии