ДО1А

До1а.

Йа Аллах1, доьху Хьоь
Тхуна гечдехьа,
Кху чолхе заманчохь
Тиларх лардехьа,
Бакъонан, харцонан
Некъ къастабехьа,
Нийса некъ харжа тхо
Ахь 1амадехьа.

Йа Аллах1, г1одехьа
Хьанала даха,
Хьо реза хиллачех
Дехьа тхо, - баха,
Цу некъах тилахь тхо
Хьо орцах вала,
Хьарчале тхан дег1ах
Цу къина бала.

Йа Аллах1, цадитар,
Доьху 1у воцуш,
Орцанна т1екхача
Маликаш доцуш,
Диначу до1ийна
Къинхетам боцуш,
Йа Хьайга до1ийца
Деха йуьхь йоцуш.

26. 06. 22ш. / Джабраилова / - Абубакарова Раиса.


Рецензии