Сан шераш

Сан шераш.

Сан шераш д1адахна къоналла эцна,
Къадоцуш йайъина  жималлин лар,
Сан сирла йуьхь-сибат нур дайна хебна,
Б1аьргашна цатоме даьккхина гар.

Месаш т1е йис йилла сихйелла зама,
1аьржачу б1аьргийн нур къегина  дац,
Кхиъначу доьзало олу сох баба,
Амма сан йахна хан эрна йовш йац.

Уггаре оьздачух духар а доьхна,
К1айн месаш, йовлакхца хьулйина д1а,
Барт болчу доьзалца со арайаьлча,
Хетало, деригге дуьне ду сан.

Иманца, исламца совг1ат деш Дала,
Ас бинчу доьзало кхобуш йу со,
Аллах1а г1о дина Ша дагчохь кхаба,
Беркате некъ гойтуш со ирсе йо.
 
26.06.2022ш. / Джабраилова / - Абубакарова Раиса.


Рецензии