Дикачу хьехархочунна

ДИКАЧУ ХЬЕХАРХОЧУННА.

Хьамзат, хьан кхузткъе шиъ кхочуш,
Йедда д1айоьдуш йу хан,
Йоккху хан хьан эрна йоцуш,
Йиш йу сан тоьшалла дан.

Далла г1улкх ларамца до ахь,
Ницкъ кхочу кеп лелайо,
Даггара ларамбеш бу нах,
Хьан г1иллакх массарна го.

Кхузткъе шиъ - дац кхин баш дукха,
Г1еметта х1утту хан йу,
Хьайх пайда буьту хан йу-кха,
Ткъа и хьох мел оьшу бу.

Хаттарна дала жоп ду хьан,
Нийса некъ ахь гойтуш бу,
Вайн Дала йахйойла хьан хан,
Беркате хьо адам ду.

Дуьненах дог ахь ма дилла,
Кхузткъе шиъ - йоккха хан йац,
Дуьненчохь ирсан ког билла,
Хьо санна дика нах бац.

Вахалахь хьо могуш-маьрша,
Даггара хьо декъалво,
Де-буьйса хийцалуш керча,
Дехар до, хьо къан ма ло!

25. 08. 22ш. Ларамца / Джабраилова / - Абубакарова Раиса.


Рецензии