Доттаг1а

Дика доттаг1а хьанна ло Дала???
Ца ло и ЦО шаа дика волучунна,
Ца ло дег1ан тоьлла хиларха а,
И луш ву хьан Ирсе хьежжина,
Ахь дахарехь нахана бохамаш ца бинехь!
Дика доттаг1а — дуьнена бахам !
Эхартахь а хуьлу цунах деза совг1ат!
Ма хилалахь хьо цуьнца дера а, гома а,
Кхералахь 1айха дохорна цуьнан ховха дог!
Дика доттаг1ий къеззиг бу дахарехь,
Уьш карош бац муьлх-муьлха маь1ехь!
Нагахь каравахь хьайна царехь цхьаъ,
Ма хецалахь цуьнан куьг цкъаа д1а!

24.08.2022


Рецензии