Мохь

МОХЬ

Вайн хабарш совцур ду.
Вайн хьаьг1наш д1аевр ю.
Вайн вовшех цадашар
Цу дийнахь кхачор ду.

Вайн яххьаш тишлур ю.
Вайн болар г1еллур ду.
Дахаран мерза чам
Жим-жима к1ахьлур бу.

Вайн ваьссаш ширлур ю
Дерриге д1адер ду.
Мацца а х1ора а
Ша-шена соввер ву.

Тахана-м, х1инца а
Маьлха к1ел деха вай.
Латтано хьулдаза,
Дахаран хам база…


Рецензии