Ши дош

Ц1ена а, деза а лелла кху дуьненчохь
Яхь йолчу къонахийн дош долу дош.
Т1ом сацош, дов дерзош, г1аланаш х1иттаеш,
Инзаре лелла и, дош долу дош.

Вайн къомах къам динарг – Кхоьлланчун  дош
Вайн Даймохк ларбинарг – къонахийн дош
Уьйр-безам ч1аг1бинарг – нохчаллин дош
Эхь-ийман дебийнарг – дош долу дош

Амма вай очдаьхнарг – дош доцу дош,
Мох хилла, даьржанарг - дош доцу дош,
Ийманах нах баьхнарг -  дош доцу дош,
Балийца дазделларг – дош доцу дош

Хьаькамех лай бо ахь, дош доцу дош,
 Молланаш байбо ахь, дош доцу дош,
Ахчано толий  хьо, дош доцу дош
Ахчано дузийна  дош доцу дош.

Къуй, базбой, хьоьсту ахь, дош доцу дош,
Оьзданаш хьоьшу ахь, дош доцу дош.
Сий долчун сий дойий, ц1их1урийн аьтто бой,
Харцо т1ейоккху ахь, дош доцу дош.

Хьекъалах нах тилош, к1ур хилла хьийза хьо
1илманчийн, 1еламчийн дош доцу дош.
Ойланаш галъйохай, талуца даьржа хьо,
Яздархойн, поэтин дош доцу дош.

Ямартло, мекарло, шалхонаш толий ахь
Къомана  дазделла дош доцу дош.
Сексотийн герз хилла, мотт беттар толий ахь,
Къонахий бохийна дош доцу дош.

Хийла да харцонца махкаха ваьккхи ахь
Кхахьпанийн, осалчийн дош доцу дош.
Йилбазан говр хилла, йорг1алла хьовзий ахь,
Даймехкан некха т1ехь, дош доцу дош.

Къизаллин байракх ю дош доцу дош.
Осаллин зурма ю дош доцу дош.
Дош доцу дош лелаш, т1елетта  зама
Карчор ю Сийлахьчу Аллах1а кхана!

 Собаро эшабо муьлхха а бала.
 Нохчалло мел боккха ша башабо.
 Тоьлар дац, хьийзар дац васхала даьлла
 Вайн синош 1адийна дош доцу дош!

Бовдур бу, уьдур бу махкара ара
Дош доцурш лелийна нах боцу нах.
Ирс долуш, ийманца бехар бу кхана
Шайн дешнийн дай хилла нах болу нах!


Рецензии