Т1аьххьара де

Де дог1у, д1ататта йиш йоцу де.
Дохадеш адмашлахь х1оттийна низамаш.
Де дог1у, эрна деш ахь дина узамаш,
Г1аланаш йуохаеш, вайн дегнаш керчадеш.

Хьоладех бахамаш сермакех хьерчаш,
Мисканиг мискалло балане лоцуш.
И Аллах1 вицвинарг вагавеш кхерчахь,
Вийца да, вала да эхартахь воцуш.

Жималлехь воккха винарг, 1еттор ву зовкъах.
Мотт шера лийнариг, мотт сецна болуш,
Эрна некъ бинарг карор ву новкъахь.
Дуьненах хьаьгнариг Эхартах волуш.

Цхьа де ду диснариг, хьо дохкуо вала.
Са эций д1авада вайн Делан герга!
"Ла илах1а иллаллах1" сиг1онца ала...
Х1ара дуьне стом хилла, баланза, аьрга.

Ла илах1а иллаллах1, Ла илах1а иллаллах1.
Ла илах1а иллаллах1, Ла илах1а иллаллах1.


Рецензии