Лаьмнех дуьйлу шийла шовда
Дог ца 1ебаш мийла д1а.
Тулг1е етта дерачу хорда
Суьрте хьоьжуш еха 1а.
Г1ан-набарна лаьмнех тийжа,
Довха дог хьа марахь къийла,
Хьоьха лезна кийра 1ийжа,
Сатийсина хьоьга хийла.
Ирсе хила хьоьца лиъна,
Безам буьйцуш беко мотт.
Хьоьха дог са дукха хьегна
Лууш ирсан мийла мутт.
Дега пхенаш хьоьха хуттуш,
Безам, марзо хьоьца екъа,
Батто лаьтта ше нур хьоьрсуш
Кхолламах хьа доьхуш дакъа.
Свидетельство о публикации №122061604924