Зама уьду дуьне хьийзаш

Зама уьду дуьне хьийзаш,
Безам уьйзуш гена д1а.
Дог д1а даста дагар дуьйцуш,
Кхин гур воцуш суна цкъа.

Ахьа бохуш хьайна еза,
Яхна хенаш хийла д1а.
Дог ас муха хьаста деза,
Хьан лар лоьхуш б1аьргаша.

Буьйса еъча наб ца кхета,
Дагатуьйсуш ирсе хан.
Сатийсамна гайнарг хета
Ирс дацарна доца г1ан.
               
Вола везнарг хьо со йолче,
Дуьйцур хьоьга дагар ас.
Сатийсина юьллуш гуьйре
Хазош лере мерза аз.

Вай хьийкъина мерза безам
Гена бели йойъуш г1ар
Деле бехна вайшин кхоллам
Боьхна бели йоцуш лар. М.Б. Торсен


Рецензии