Ма елахь лаамза ойла

Мог1анаш хьуна ас лору,
Байташкахь хьоь безам буьйцуш.
Дог хьаста хьоьца ирс доькъуш,
Дахарна кхолламе воьху.

Ма елахь лаамза ойла,
Дагчуьра г1айг1а д1а яккха.
Ша къуьйлу къайле д1а яста,
Дог кийча ду хьуна эккха.

Дийцахьа дагахьдерг соьга ,
Сатуьйсу дешнашка хазачу.
Реза юй алий  ахь дош деха соьга
Некъ буьллуш х1усаме дахарна ирсечу.

Ца буьллу бехк хьуна аса,
Соьл дукха кхиниг а езнехь.
Со йитахь ахьа ваьлла гена,
Гечдийр ду рицкъа ца хиллехь.

Ас дукха дагар хьо дийци,
Мел йина ойла д1а юьйцуш.
Кхолламо шен йоза  хийци,
Дахарехь со цхьалха юьтуш.


Рецензии