Замано ерзор яц чов

Вай олу замано ерзор ю чов,
Хан яьлча дицлур ду мел хилла дов.
Къахьделча дуьнена мерза чам бов,
Мел лайна халонех хуьлуш ю б1ов.

Къоналлий, къаналлий цхьаъ хилла тайча,
Дахаро г1елвина къарвелла гайча,
Кхолламо мел бина тешнабехк лайча,
Бехке дац хенах вайн тешам а байча. М.Б Торсен


Рецензии