Йа АллахI, хьан гIийла миска лай вагIахь...
Лазартнехь волуш мотт сецна цуьнан. Т1аккха кехат, къолам даийтина, назма д1айазйан кхиъна. Тховса-кхана лийр ву ша, ша-шена дешна шуна, к1ант-м шиъ вара шен, йо1 декъаза х1ума йу, Азманан доладелаш, аьлла хилла цо цигахь нисйеллачу шен стунйише.
Йа Аллах1, хьан г1ийла миска лай ваг1ахь,
Дас-нанас аьллачунна т1ехь чекхваьлла ваг1ахь,
Дог реза къинт1ера уьш бевлла ваг1ахь,
Со везаш эцалахь, ва Везан Дела.
Вешера вошалла хиланза ваг1ахь,
Несера несалла хиланза ваг1ахь,
Къинт1ера вели со, Хьан дуьхьа, Дела,
Хьоьгара йал йеза, ва Везан Дела.
Хьалхара кхерч, лаамза, со боьхна ваг1ахь,
Шолг1аниг Хьан кхиэло бохийна ваг1ахь,
Кхозлаг1чух валаза ца ваьлла ваг1ахь,
Хьан кхелана реза ву, Хастаме Эла.
Бехк боцуш, Дег1астанах хьегна дег1 даг1ахь,
Хьаналчу хьацарна даьцна дег1 даг1ахь,
Га доцу марг1ал-г1а дитина ваг1ахь,
Цуьнан терго Ахь йелахь, ва Везан Дела.
Хьо цхьаъ веш, шах1адат со далош ваг1ахь,
Хьан Элча Мухьаммад со бакъвеш ваг1ахь,
Сайн устаз Мубарак къобалвеш ваг1ахь,
Декъалчу тобанах тохалахь, Дела.
Саоьцу мулкалмот муьт1ахь де, Дела,
Бартхотту маликаш резаде, Дела,
Жоьпашкахь Ахь нисвар Хьоьга доьху, Дела,
Йуьхь1аьржа х1отторах ларвелахь, Дела.
P.S. Мелла а алсам Шахтимировг1арах лаьцна деша йиш йу кхузахь: https://proza.ru/2016/10/19/2112
Свидетельство о публикации №122061206395