62. Тарсал

Керайукъ юьззина маьлхан х1уш кховдош,
Жима йо1 тарсалца къамеле йели:
- Дийцахьа, т1ехилий суна, ца кхоьруш,
Шийлачу 1аьнера хьо муха йели?

Хьулйина тешамах д1аийна шеко,
Туохало, д1аэккха шен лаам гойтуш.
Тарсална лиира гергарло магуо,
Т1ехили йо1ана, юург д1аоьцуш.

- Месалчу кетаро 1аьно дег1 дохди.
Дечиган хари чохь ас сайна бен би,
Хьуьнхара и бохбан гулбина 1еха,
Кегийчу к1орнешца цу чохь со еха.

Гуьйренца стоьмийн х1уш, б1араш а гулдо.
Малхуо уьш дакъийча, бена чохь хьулдо.
Сан чомехь даар ду и ж1аьлин нускалш,
Къахьоьгу, лаьтта а йуссий, уьш гулдеш.

- Дийцахьа ма дарра, х1ай хаза тарсал,
Хьо муха ларло те? Мостаг1ий буй хьан?

- Вуон адам, салораш*, куьйранаш, бух1а,
Сох пхьор дан лууш ду экханаш дукха.
Мостаг1ех ларйала суна дац атта.
Со наха ларйича, сох хир бу пайда...

Йо1аца уьйр лаьцна тарсал д1а йеди,
Ойлане яьллачохь латта йо1 йити.

- - -
*Салор - куница

Азман Джабраилова

Спасибо автору картинки!


Рецензии