57. Хьуьнхахь

КIирандийнахь, мукъа висча,
Дас тхо хуьнах дигира.
База, дакх а, наж а, хьач а,
Кхин а дитташ гайтира.

Зазадаккха йолайелча,
Хьожа яржош, кхуьу буц.
Дарех терра, и хазйелча,
Лаьа, хьостуш, хьакха куьг.

Боьранал тхо дехьадевлча,
Дуьхьал хIоьтти хаза сурт.
Ломан басех хьала девлча,
Гена йоццуш, го тхайн йурт.

ПаргIат йара садоIийла.
Нанас тIоьрмиг баьстира.
КIеда хьокхам, хохаш сийна
Шаршу тIе цо бехкира.

Декъа дечиг туьллуш цIерга,
Дадас алу кечйира.
Жижигдоттург кеч а йина,
Цу тIехь жижиг деттира.

Шовда муьйлуш, ловзуш, доьлуш,
Хьуьнчохь оха садаьIи.
ТIаккха, вовшех дагадуьйлуш,
Iалам лардан нигат ди

Азман Джабраилова


Рецензии