Дахаран къизалла
Лаьтта т1е кхуьссу вай дахаран дино,
Амало иэккхабой, йеш вайна чевнаш:
1ожалло къестадо, цамгаран уьно,
Мерзачу хусамийн д1акуьйлуш кевнаш.
"Дахаран къизалла ю-кх х1ара" - олий,
Цу дешнийн букъ т1ехьа бехказалла лоьхуш;
Гергарнах битина, новкъа о довлий,
Дуьненахь лиела вай, доцу рицкъ доьхуш!
Хусам а йитина - дайбаьхна ц1енош,
Некъ хьоьшуш доьлху вай, шийла мох луьйцуш;
Ларъйоцуш 1иенадеш, хьаллакдеш денош,
Рицкъанах, хьомсара аматаш хуьйцуш!
© Copyright:
Саид Умахаджиев , 2022
Свидетельство о публикации №122041406974
Рецензии
1ар-дахар цхьатерра ца хилар ду аьлла хета аз сунам, Саид. Бахьнаш а дац цхьатерра шай гергаранахан а, х1усмашна а йитина нах гена биларна.
Зарина Озарённая 25.04.2022 17:09
Заявить о нарушении
Зарина, бакъ ду ахь бохург( бахьнаш тайп-тайпана хуьлу - лаахь а, ца лаахь а къаста везаш меттигаш а хуьлу, амма сан дешнийн маь1на кхи ду: "доцу рицкъ доьхуш" ма лела боху ас...
Саид Умахаджиев 25.04.2022 19:04
Заявить о нарушении
Мы используем файлы cookie для улучшения работы сайта. Оставаясь на сайте, вы соглашаетесь с условиями использования файлов cookies. Чтобы ознакомиться с Политикой обработки персональных данных и файлов cookie, нажмите здесь .
Соглашаюсь