Деза кхоьллина маьлхан дуьне

ДИЗАЙН КХОЬЛЛИНА МАЬЛХАН ДУЬНЕ

Дависа хьан Дуьне, ма деза кхоьллин хьо!
Мел даарх безачех, ца 1ебаш дуьсу хьо!
Безарш а, боьвзарш а, селхана  хилларш а,
Тахана ла доьг1ча, бац  бохуш - тезет го!

Зама ю сихъйелла  безачех  ка йетташ!...
Вовшашка вайн марзо, хедайеш ткъесс детташ,
Х1ай зама, йерзайе, даръелла тхан  чевнаш,
Иманах  ца  дохош, кхелах хьайн тешадеш.

Бехкам бац зама хьан, т1е вахар ледар ду!
Т1екаре, чукаре  херъйелла  йоьдуш  ю.
Вайн Дайша лелийнчух г1иллакхах  херлуш ду,
Самдовла хьоменаш, Делан кхел хуьлуш ю!...

Доьху шоь, диканиш , хьаг1-гамо д1аяккхар,
Вайн дайша лелийна барт-марзо, шайх гайтар,
1ожалло дигале, - кханенна ойла йар,
Т1аьхьарчу т1аьхьенна масалла вайх дитар!

Тахан верг, - кхана вац, безнарш кхин вайца бац,
Воккханиг лоруш вац, жиманиг 1амош вац,
Вайн юкъахь ца дог1у г1иллакхаш хердеш дац,
Барт болуш латтийна х1усамаш ч1аг1ъйеш йац!

Барт боцчу х1усаме - Ирс, Беркат хьийзар дац!
Г1илкх, Ларам боцучохь - Иманах цинц хир бац!
Къинхетам бицбина, букъ бетташ диканна,
Вай лелахь,  Аллах1ан - дикане кхочур дац!!!

Самдовла ! Самдовла, сан хьоме йижарий!...
Беркатан кхачанца доьзалан токхо йе!...
Харц некъах ларбала, жималлехь  1амабе,
Сий долчу махканна - йахь йол к1ант кхиаве!..

Воьду некъ, вог1у некъ шайн Дайшка  бийцийта,
Хаттарца, аларца  воккхачун сий дайта...
Чохь - арахь  Де ларам, - лаккхар мах хилийта!..
Наноша лелийна  г1иллакх мах бовзийта!..

Бехк боцчу заманна, бехк билла сих ду вай,
Бахамах, таронах - 1адаташ духку вай,
1ожалла т1е йеъча, бахамах вуьтур вац!...
Ма довла Дакъаза - эрна ханн йисна йац!!!...

  1 . 11 . 2020 г . / Джабраилова/ - Абубакарова  Раиса .
https://www.instagram.com/p/CHFW9w0nZC3/?utm_medium=share_sheet


Рецензии