Буьйсанан тийналлехь...

Буьйсанан тийналлехь деган мерз бекаш,
Тийналлин мукъамех хьо велахь кхеташ.

Цо хьайга дош аьлча дог хелха дуьйлуш,
Хазанза хан йалахь гIайгIане вуьйлуш,

Исбаьхьа йуьхь-сибат дуьхьала туьйсуш,
Анайист кIаййаллалц ойланца къуьйсуш,

Наб йайна хьо лелахь дIаэца кхаъ.
Кхолламо сиз хьаькхна, шеко йац цхьаъ.

Безаман хIуо кхетта хьан дагах, хIай.
Хьо-м хIинца бакъдолчу ирсан да вай.


Рецензии

С 3 по 5 июля состоится Литературный фестиваль в Этномире. В программе – семинары известных поэтов и писателей, поэтический конкурс, посвященный Году единства народов России, книжная выставкая-ярмарка. Приглашаем принять участие →