тlох дойтуш...

«тlох» — дойтуш ахь кагби маха,
дагах безам тегнаберг.
дашо тайца мехий дахарх,
дог хир дац сан хьалха дерг.

хьан багара мел даьлла дош,
органал а даьржина...
сан синтем а хьайца дlахьош,
дохк санна хьо йаьржина...

ас хьан кевнехь кехат дити,
тlулга буха диллина.
кехат санна безам бити,
цу тlулга тlехь биллина.

Минцаев lальви 30.09.2021


Рецензии