46. Хаза б1аьсте

Зазано куц хаздеш,
Беш серлаяьккхи.
Бес-бесар зезагаш,
Бай кхолуш, лаьтта.

1аламан хазаллех
Даккхийдеш, бешахь,
Б1аьстенан аьхналлехь
Олхазарш дека.

Малхо шен нур хьоьрсу
Лаьмнийн баххьашкахь.
Б1аьстено г1улч туьссу
Даймехкаг лаьттахь.


Рецензии