Мархашлахь ловзу дог...

Мархашлахь ловзу дог, баржийна тIам.
Бицбелла садиъна гIайгIанан чам.

Шовкъе ша ва дуьйлуш хелхаре гIуьтту.
Хастаме дешнаш цо йух-йуха луьтту.

Хьан йелакъажаро эсала хьаьсти.
ГIуранан йийсарехь хилла дог даьсти.

Хьоьжу со, генарчу седане санна
Хьоьжу со, кхоьруш и йуха ца гарна.

Дош ала ва воьлча, ца керча мотт,
Бицбелла заманца безаман мотт.

Набарха, малх санна йуьхь-сибат гуш,
Хьан синан бошмашкахь лоьху ас туш.

Кхолламо харжжал сан хир дарий ирс?
Хьан деган неI йелла лоьху ас гIирс!


Рецензии

С 3 по 5 июля состоится Литературный фестиваль в Этномире. В программе – семинары известных поэтов и писателей, поэтический конкурс, посвященный Году единства народов России, книжная выставкая-ярмарка. Приглашаем принять участие →