55. Говраца къамел

Шекар кхаллош, мерза хьаьжк1аш йаош,
Дас кхобучу говрана т1е вахна,
Вовшашна бен цхьанна кхин ца хазош,
Цуьнан лерехь къамел дира к1анта:

- Тамашена кхоьллина хьо Дала!
Болар чехка, г1иллакхе ю амал.
Цхьа дог ц1ена, дика хьайба ду хьо,
Дадас ч1ог1а хьоме кхиош ю хьо!

Алахь соьга, Дада везий хьуна,
Дада санна тешаме юй цунна? -
Кхетча санна, говро та1ий корта,
Йегайо кхес, охьахецна ворта.

- Кхин хьайбанаш, дезаш, лорий ахьа?-
«Кхахь» деш, те1а корта хьала-охьа …
Говран б1аьргахь лепа дерриг дуьне,
К1анте хьоьжу, терсар ч1аг1 а дина.

Азман Джабраилова


Рецензии