Хьошалг1а

Д1адайна д1адели стиглара хьоза...
Муьлхачу махкахьа бен кари вайна?
Тишдела хьан дагчохь деза хилла йоза
Х1ай, зама! Вайшиннах мила ву вайнарг?!

Ширделла йозанаш д1алуьсту аса.
Хьовсийша, ма хуьйцу замано... лай!?
Хета-кха наггахьа,- валар-кха ганза
Сихделла кхачадо и дахар сайн!

Сохьтехь бен тийналлин зама ца лаьтта.
Ца саца дендина 1аламан дог.
Алахьа, ленвоцург, хьо стенах кхаьтта,
Ца хаъ-те йоьхьанца шершиний ког?!

Хьошалг1ахь хилла вай сени чохь кхерсташ.
Ма к1езга диси вай, юьхьанца хиллачех.
Вай вовшахдеттало - денна а къаьста.
Вай вовше 1ехадо дуьненан Х1илланех.

1ехавехь кхин а со, йист йоцу зама
Алахьа айхьи бен ца олу илли.
Г1алартехь гайтахьа хьан да, сан нана...
Аттабехь базло мохь, сурт мукъне диллий.

Юха а ца оьшу, г1аларташ дайахь!
Тхан Дела, ма дайа паналлехь са!
Эхартан х1олламаш дегнашкахь айахь!
Ткъа дуьне-м хиллера эхартан беттаса.

Тишдела хьан дагчохь деза хилла йоза
Х1ай, зама! Вайшиннах мила ву вайнарг?!
Д1адайна д1адели стиглара хьоза...
Муьлхачу махкахьа бен карор вайна?


Рецензии