д1а яьлла хан..

Летта богу цхьа г1ийла чиркх,
Маьхдаьттан хьожа а йог1уш.
Хетало гуш ду цхьа туьйр
Пена т1ехь 1индаг1аш ловзуш.

Бовха бу сан к1еда мотт
Ненан куьг г1ойлангахь сецош.
Т1е оьг1у цхьа мерза наб
Нанас дечу до1е ладоьг1уш.

Маржа я1 д1а яьлла хан
Дерриге бераллехь дуьсуш
Шийла бу т1е хьоькху мох
Маьхдаьтан чиркх а д1абойуш..
 


Рецензии