Йовза дик ю эрна буц
Делахь цуна башха куц,
Налха сана к1еда мотт
Лебо шера,йоцуш чуот.
Дагахь цхьаъ долш,багахь кхи,
Лоькху зурам – сирла хи,
Амма вовза хала дац,
Г1улкхе хьожуш и хир вац.
Херх цо д1а-схьа хьокхур бац,
Яхье вала хьожур вац,
Шенаг буьйна къовлур ду,
Хьайчух ц1е а тоссур ю.
Кхуьуш дуьнна башха куц
Делла,хазъеш эрна буц,
Цунах бала пайда бац,
И д1атассар зулме дац.
Свидетельство о публикации №121092207866