Нохчийн к1ант

Дуьне серла даьлла тахна,
Малхо лепаш беъна кхаъ.
Декъал войла винчу денца
Нохчийн оьзда дика к1ант.

Схьагуш болчу ломал лекха,
Сий долуш хьо вехийла.
Ц1енчу дагца, йоцуш мекха,
Ирхенаш а йохийла.

Припев:
Декъал во хьо винчу денца.
Нохчийн оьзда, дика к1ант.
Вехийла хьо вайн махкана
Ву олуьйтуш дика к1ант.

Вехийла хьо могуш-маьрша,
Нохчийн къоман майра к1ант.
Оьзда г1иллакх дуьйлуш 1арше,
Махкана хьох хуьлда кхаъ.

2.
Хьан дог доьхча юххе х1отта
Доттаг1 хуьлда тешаме.
Хуьлийла хьан болар атта,
Дала лойла сирла некъ.

Дерриг дуьне доьхна дожарх,
Воха хьо мА вохалахь.
Доттаг1чунна бала айъа
Даим кийча хилалахь.

Припев тот же


Рецензии