Бабийн т1орказ

  Сайн Бабийн тишделла т1орказ схьадиллина,
  Чардакх т1ехь 1уьллуш долу, ага схьаэцна,
  Замано "диина" истанг а диллина,
  Хьоьжу со т1орказчу, ойла д1ахецна...

  Сан дагуо лецира шовкъ - дегаайам,
  Т1орказуо уозийра "бухбоцчу айманчу"...
  Сайн къоман г1иллакхийн, 1адатийн кхайкхам
  Х1уо хилла, боьссира сан к1еда дагчу.

  Ойланаш хьевззина, ширалле хьаьдира,
  Ламанан баххьашка, цецъюьйлуш сийлаллех...
  Раг1 йоцчу ойланаш сан лере къадийра:
  "Ларбелахь хьайн Даймохк, ца къесташ доьналлех".


Рецензии
Бабин т1орказо, Дадин куйно дукха х1ума карладоккху!
Доьналла, яхь, оьздангалла ч1ог1а ларйеш хилла вайн дайша, наноша!
Ларамца.

Аза Атагинская   25.05.2022 17:18     Заявить о нарушении
Баркалла, Аза! Дикаре сатуьйсур ду-кх вай! Хьожуш хила сан балхе, хьиехар а деш!

Саид Умахаджиев   25.05.2022 18:34   Заявить о нарушении