Дашу седа Аминат моей Натусик
Хиндерг Делер доцуш дац,
Кийра белхо меттиг йоцуш,
Тахна цхьа а хира вац.
Амма ла и атта дац,
Даго коьрте хоьттуш дац,
Ойла пана яьлла йоьда,
Собар доза доцуш дац.
Летта ало йайна яц,
1ийжа дог са тийна дац,
Х1о дуьненах лур а йоцу,
Тхан Аминат тхойца яц.
И т1елаца атта дац,
Кхи хун гур ду хууш дац,
Амма нана елха йиси,
Йо1 цун дагчур ера яц.
Сирла седа Аминат,
Ланза дисна хума дац,
Дерриг дуьне т1екъал тухуш,
Ахь йина чов йоьрзар яц.
Амма Делер доцуш дац,
Собар лурдерг и бе вац,
Аллах1 тахан орцах вали,
Диц де нанна ирча сахьт,
Йойъуш кийрахь летта ц1е,
Гойтуш сирла кханенн де,
Йог1уш сана, йоьлуш керта,
Дашу седа Аминат.
Свидетельство о публикации №121080404017