Хьайна езахь

Стенна буьйцу малх ахь соьга,
Цуьнца дустуш амат сан.
Хьеха бо ахь сирла седа,
Цунах тарбеш б1аьргаш сан.

Маьлхан нур дов, и чубуьзча,
Сирла седа бов сатесча,
Х1ай к1ант, сан нур довш дац цкъа
Сан нур лепа дийнахь - буса.

Чухчарех тарйина, хестош,
Хестайо сан  еха ч1аба.
Ма лела хьайн дог сох хьегош,
Куьцо хьан  сатедийр дац-кха.

Сан б1аьргийн нур хьайна дезча,
Ирсан седа сох тарбелча,
Деган не1 йиллина хилча,
Сан бехк бац хьо кура хилча.

Х1ай к1ант, хьо туькана г1охьа,
Сурт эцахьа пенах тоха,
Ахь ма къийла безам кийрахь,
 «Йола» ала хьайна езахь.

Со бен кхин йо1 гуш хьуо вацахь,
Ахь ма дуьйццу хьайна еэахь,
Безам хьехош,  суна гонах
Ма хьийзийта цхьа а къонах.

Азман Джабраилова


Рецензии