Гилна тахна к1антах яьлла...

Джайнабизов Алиханна лерина....

Гилнахь тахна тезет даьлла,
Массо адам халчу даьлла,
Юьрта к1ант ву тахна велларг,
Юьрто "Къонаха" ц1е елларг.
Оьзда г1иллакх шеца долуш,
Ц1ена иман дагчохь  долуш,
Массарна а везаш, лоруш,
Дика к1ант ву наха олуш...
Жима-воккха бе а йоцуш,
Хьан тезетахь дакъа лоцуш,
Хьо д1а кхалхар халчу даьлла,
Лаьтта адамаш цец даьлла...
Аллах1а хьо декъал войла,
Ялсмане хьан х1усам йойла!
Хьа валар даз деллачарна,
Цу Аллах1а собар лойла!
Гилнахь тахна тезет даьлла...
Гилна дикчу к1антах яьлла.
Ищтта оьзда, дика к1ентий,
Аллах1а ма эша бойла!!!


Рецензии