Хьо ву боху

Хьо ву бохуш дуьйцу лиъна йовза
Х1инццалц евзаш хилла йоцу йо1.
Дог ду боху дуьйлуш кийрахь ловза,
Кхетча сох хьан дагахь доцуш б1аьрг.

Хьо ву боху тхан ураме вог1уш,
Безамо вагийна лаьтташверг.
Нийсархоша дуьйцу, хьо ву бохуш,
Цкъа вистхиллал, со ган веънаверг.

Серла дуьйлу боху хаза б1аьргаш
Ц1еххьана б1аьрг кхетча, йог1уш сох.
Со а хуьлу къайллах д1асахьоьжуш,
Хьо ган лаам ас лечкъабо хьох.

Маржа я1, хьо хаза еъна суьйре,
Везнарг валош еъна яц-те хьо.
Гуттаренна кху тхан дегнийн уьйра
Цхьана юца еъна яц-те хьо.

Сан лар толлуш, генахула лелча,
Хьан дагара суна хуур дац.
Хьох б1аьрг кхетча, эхьо ягош хилча,
Деган къайле аса йостур яц.

Маржа я1, ницкъ кхочуш елара со,
Хьох ен ойла хьуна гайта д1а.
Дехар до ас Деле валаве хьо
Безам бийца, вай вовшашна ган.

Азман Джабраилова

***

Музыка Марьям Ташаевой
Исп Марьям Ташаева


Рецензии