Мух1ажаран ойла. На чеченском языке
Къахьегархочуьнан сий-пусур дац.
Дийнахь а,буса а йийсарах вацарх,
Туоделла,совдала х1уммаъ хила-ц"!
Куралла,мерах шокъетташ:-"Д1алаца
Г1абакхан т1ам,хьуна кхин хьакъ а яц,
Хин-чоьрпа*йоцуриг",-дуьйцуш..,-"Хьо цхьацца
Бахьанца,мацалла-м волуьйтур вац!
Варелахь,маг1уолахь цхьанне а ларца,
Дег1аста",-шайт1ано ойла йита-ц,
Вас-вас деш!-"Даьккхича риц1къа хьаьцарца,
Ши-шай мах бац хьан",-дуйтехьа и харц?
Вайн дуьне,машенан ч1ург хилла харцарх,
Хьиэкхарах букара,инзаре дарц!
1ожалло-хеналла хьалха ца лацахь
Кхочур ву Даймахка кхочуш деш васт*,
Вайнехан-зорбанца язданза:-"Къаста,
Т1епаза ван-боцуш хьайн кошан барз
Даймахкахь,йиш яц хьан"!-Вахьале..,Б1аьста
Г1ур ву со,некъанна кечъйина харж..!
Свидетельство о публикации №121060101633