Марха досту де

Хаза  хьаша  хилла  дог1у вайна Марха досту де,
Дезаш,лоруш,вай т1елоцу,самукъ доли, кхачарх т1е,
Массо ведда-хьаьдда хьиза,юъчуьн-молчун кечам беш,
Бераш д1а ца дуьшуш хьиза,кхане лар еш,наб ца еш.

Совг1ат хила деъна кхечи вай лардина сийлахь де,
Дог ца дохош, б1аьрг ца белхош хийла, дагна ца деш зе,
Дог1ийла и могуш-маьрша,дерриг беркат шеца долш,
Х1ора х1усме марзо йохьуш,барт иг1анчохь и ч1аг1 беш.

Дог1ийла и х1ора шарахь, эгна дегнаш г1итта деш,
Дуьнена  бала гена боккхуш, Массо Нана ирсе  еш,
Дог1ийла и х1ора х1усме, ц1ена лаамаш  кхочуш беш,
Везчу хьешо санна лоруш, Марха даггар къобал деш!


Рецензии