Синан назма

Со-м ца ларийна дог 1абош х1ара дуьне хьаста,
Цу Дала кхоьллинчу васташка доггах  хьажа,
Дахаран суьрташца мацца а деза вай къаста,
Хи санна йог1учу 1ожалан синах хьарча.

Со-м ца ларийна 1аламан къайленашка хьежа,
Исбаьхьа басаршца къагийна хазалла ган:
Эсалчу аматан бераллин дуьйна со къежа,
Дахар а д1акхоьхьуш сайн синан назма ларйан.

Ца хоьттуш хедар йу безамца кхоьллина назма,
Кхечарна декар ду бошмашкахь зарзарийн аз.
Ткъа аса д1ахьур йу сайн даг чохь бераллин хазна,
Дас-нанас кхоьллина хьан сибат, хьоме Ковказ!


Рецензии

С 3 по 5 июля состоится Литературный фестиваль в Этномире. В программе – семинары известных поэтов и писателей, поэтический конкурс, посвященный Году единства народов России, книжная выставкая-ярмарка. Приглашаем принять участие →