хено тишдина т1емаш

Хено сан тишдина т1емаш,
Замано цистина дог.
Ойланаш ца юьйлу т1ема,
Х1инца-м со лелар ю г1аш.
Ц1арах йиснарг ю к1еззиг алу,
Кхе кхосса дечиг а дац.
Кхин цкъа а со г1ерташ ларо,
Сихъелла уьдур ма яц.
Кханенга со хьажа г1аьртарх
Ахь доьхьала х1иттадо дохк,
Месийн бос а лари хьо лачкъо,
Сирби ахь сан 1аьржа корт.
Цу хенахь сан болар аг1о,
Сан накъост х1уттур ю 1аса.
Хено сан тишдина т1емаш
Кхин яьхна дан х1умма а дац.


Рецензии

С 3 по 5 июля состоится Литературный фестиваль в Этномире. В программе – семинары известных поэтов и писателей, поэтический конкурс, посвященный Году единства народов России, книжная выставкая-ярмарка. Приглашаем принять участие →