12. К1ант а, дитт а

К1ант ву д1асахьоьжуш кет1ахь,
Акхтарг малхал лекха хетта.
Мохехь г1аш шабаршца леста,
1индаг1аш ду ловзуш лаьттахь.

Буса акхтарг гича г1енах,
Г1ад куьйгашца хьаьсти к1анта.
Бохь техкара, ловзош седа.
Дистхилира дитт, деш хьехар:

- Орам бу сан лаьттан  бухахь,
Дехар ду со, лаьтто кхабахь.
Орамаш ду адамийн а.
Хьекъал оьшу уьш лардан а.

Шабарш дора дитто лерехь:
- Дахар хеда, шен бух бацахь.
Хьайн орамех ма хадалахь,
Уьш мел ду, хьуо вуй хаалахь.

1уьйренца ша самаваьлча,
Юха диттах шен б1аьрг кхетча,
Дагчохь саций дитташ лардан,
Синтарш дуог1а бешахь, арахь.

Азман Джабраилова


Рецензии
Дика чулацам болш ю стих!
Аьтту хуьлийла!

Луна Серлоева   06.04.2021 12:20     Заявить о нарушении