Бадр гlазот

ДIабайна стиглара тIаьххьара седа,
Схьакхийти дуьнен тIе нур дашо малх,
Тахна и цхьа башха,ша тайпа, лепа
Хадабеш зIаьнаршца Iуьйренан мах. 

Леча ду хIаваэхь,тIам хецна хьийзаш,
Геннара ша тухуш Iаламе бIаьрг,
Го цунна,Iуьйренца тIах-аьлла хьийзаш,
ГIазотана асхьабаш кечамаш бар.

Ткъа Бадран аре ю доIанехь,тийна,
Цу Делан лоьмашна гIо доьхуш Iаш.
Кхо бIаь а,кхойтта а,къонах ву кийчча
Эзарчу мостагIчух ка тоха Iаш.

Сий долу асхьабаш лаьтта цу арахь
Элчанца хIиттина шаьш цхьаьна дIа,
Берзал а майра дог хIоранна кийрахь
Деттало,Iожалла ша йоьхуш схьа.

Къурайшийн кура элий ца бешаш хьоьжу,
Асхьабийн тобанан кIезгалла гуш,
Шаьш дукха хиларна вовшашна боьлуш
Хабаршца толамаш бу шайна луш.

Бусалба,кериста дуьхь-дуьхьал лаьтта,
Вотанийн мукъамаш хезаш бу схьа.
Iенар ду тахана мела цIий лаьтта,
Бакъонах харцо а къаьстар йу дlа.

"ТIеман кIур гIаттале,ницкъ къовса тхоьца"-
Мохь бетташ кхо мостагI ма хIоьтти дlа...
Делан лом Хьамзат,шен туьран мукъ лоцуш,
Iела а,Iубайд а вели юкъа.

И кхуьй а вожийна,кериста кхерош,
Хьамзат а,Iела а,веа юха,
Ткъа мерахь лазийна Iубайд ву валош-
Элчанна хьалха цуо дIадели са...

Чухьаьди мостагIийн и Iаьржа бода.
Говраш а терсаш ю,бу ченакIур.
Суйнашца гlовгIа еш,ма хуьлла ондда
Дарделла детталуш ду туьрех тур.

Дог майра асхьабаш хьерча цу арахь
Дин доцчу мостагIийн цу ардангах,
Ца кхоьруш чов хиларах,са хьаладаларх,
Кхаъ хуьлуш тахана шайн Iожаллах...

Сий долчу Элчано кхевдина лаьтта
Нуьречу куьйгашца схьаийци гIум,
Делерчу омранца цу тIе мох тоьхна
Буьтуш и керисташ бIаьрса ца гуш...

Стиглара ма дисси маликийн эскарш,-
Элчанан доIийна ду иза жоп.
Ду хIинца схьа хезаш къурайшийн белхарш,
Бакъ хилла карийча АллахIан дош.

Ца висси мостагlех дуьхьло ян цхьа а,
Гор-бертал бетталуш уьдуш бу уьш.
Леташ верг хlаллак веш,йийсархо маса
Ву Делан Элчанна герга вуьгуш.

Дlа бели буьрса тlом,веддариг вели,
Исламан байракхаш ловзош бу мох,
Турпала-асхьабаш кхойкхуш бу Деле,
-"Хастам бу,къинхетам Ахь барна тхоьх."

Ирс дохьуш веар хьо,хIай Делан Элча,
Хазачу гIиллакхца, кху дуьненчу,
Ма дегнаш дийлира,хьо гучуваьлча,
Нуьречу дахаре ахь шаьш дуьгуш.!

Стигларчу малийкаш хьо хестош вуьйцу,
Йалсаманеш а йу шаьш хьоьгуш хьоьх,
Тхо деха ,Мухьаммад,хьо га са туьйсуш,
Эхартахь шафаlат ахь дойла тхоьх!

2020 г


Рецензии