Сирла хир ю и хьа ойла

Кийрахь хьулбин бала  боцуш,
Дагчохь лачкъин безам боцуш,
Вуй те цхьа а кху дуьненахь,
Ц1еро  йитна  ало  йоцуш.

Дагар дийца дуккха а долуш,
И д1а делхо Нана а йолуш,
Буй те бисна вай кегирхой,
Цунга кховдо марзо йолуш.

Кху дуьнено г1айг1а ц1изош,
Кху дахаро ойла хьизош,
Барзах ухуш йоьду зама,
Ша лелочух дохко йуьлуш.

Кийрахь хьулбин бала бацахь,
Хьан дог делхош безам бацахь,
Дагар   дийца  Нана   елахь,
Хьай  къа  доций д1ахаалахь.

Шила  дог1у  шовда санна,
Маьлхе дийнахь зезаг санна,
Сирла  хир  ю и  хьа   ойла,
Нена  йовхо  хьоьца мел ю.


Рецензии