Вина де лерина вешин Салавдин

Беркате  хуьлийла  нанас хьо  вина  де,
Вай  Дала совг1атна  хьо  цунна  вела де,
Шен доьххьар доьзалхо дуьнен чу ваьлла де,
Сийлахьчу хьан нанас сов дезаш лаьцна т1е.

Шен  Дала деллачу  совг1атна  хастам  беш,
Шен  дикчу  к1антана   геннара  терго   еш,
Дозаллийца хьо хестош, б1аьр хьажа ца х1уттуш,
Эхартан  д1аяхна, хьо лоруш,хьан сий деш.

Декъала хила хьо, Де-нена  хьоме  к1ант,
Ахь церан дина сий вай Дала диц дийр дац,
Мерзачу дашца ахь хьай нена хьистин дог,
Аллах1а хьоьстар ду, дахрехь  хиттош ког.

Декъала хила хьо, беркате   дика   к1ант,
Йиш-вешех ца хьоьгуш йоккхийла йисна хан,
Хьай берийн кхиамашца дуьнено 1ехавеш,
Вехийла  даимна  дахарах   воккхавеш!


Рецензии