35. Этмаь1иг
Букъ т1ехь лелош ду цо иза.
Шен ц1а чу ца вуьгу цхьа а,
Охьадуьллуш дац и цкъа а.
Ге т1ехь цхьаъ бен ког бац цуьнан.
Цундела ю текхна лелаш.
И текхначохь лар ю т1уьна.
Лела меттахъхьедеш мекхаш.
Этмаь1иг вай юзо еза.
Х1ун хета те цунна мерза?
Копастан г1а цунна даккха.
Шен ц1а чуьра ара яккха.
Азман Джабраилова
Свидетельство о публикации №121031005587