Гуьйре

Гуьйре

Юха а кхечи хьо, сан дагна тIаьхьара елха,
Юха а кхечи хьо, хьайн хенал хьалха а лелхаш,
БIарзбелла дин санна, сингаттам сан уьйтIа балош,
Сан даьгна тIемаш а юха а сан синна далош.

Хьо марша йогIийла! Дукха ду сан хьоьга дийца,
Сайн тIома куралла, хIоз хилла, сайн кочахь йисарх...
Со кхетта: дуьненан кхин басарш, кхин маьIна хилла,
Адамийн дагахь а, багахь а дукхах ду хIилла.

Со гечдан Iемина, со царех шек а ца йолу,
Со теша Iемина, со царех хера ца йолу.
Хьо цхьаъ ю-кх эвххьаза ас дог дIадиллинарг,
Хьо цхьаъ ю-кх дуьнен чохь сох кхеташ йисинарг.

Хьан йистцахилар а – сан дагца къамеле ялар,
Хьан хIора шабар а – сан деган гIайгIане далар,
Хьуна чохь карайо суна суо цкъа мацах хилларг –
Дашочу гIенашлахь сайн ирсах Iаба цакхиънарг.

Хьо юха дIагIур ю аренца, гIаш хилла, яьгна,
Хьо юха дIагIур ю, декъалван цхьаъ хьайха хьаьгнарг...
Ерзинчу аренгахь сайн дагалецамаш хьоьстуш,
Со юха юьсур ю сайн деган тийналлехь кхерста.

Эзарза хьан ялар ган доьгIна хилахь а, гуьйре,
Хьо лаьттахь сол дукха ехар ю, хилла сел нуьре.
Гуьйре...
                2013 шо


Рецензии