Мила ву...

Мила ву дахар шен киснахь ду моьттариг,
Дерриг х1ар дуьне ша кхоьллина моьттариг,
Мила    ву    заманах   кхетанза   виснариг,
Хьекъалах   тилийна, дахаро    идийнарг?

Мила  ву  дуьнено  дуьйцучух   тешнариг,
Шен  Дела вицвина,1ожаллех  лечкъаниг?
Аллах1а лаъмаза г1ад охьа  доьжна  дац,
Цо зил д1а  хьаькхча бен рицкъанаш кхачош дац.

Мила   ву  1есачу   ойлано   1ехийнарг,
1ожалла   кисанца   эцало   моьттариг?
Ву   иза  заманах   кхетанза    виснариг,
Дикачу вай   Дала  не1мат ца деллариг.

Аллах1а   лар дойла  вай  вочу   эвланех,
Иманехь – ихсанехь вай динца ч1аг1 деш,
Къинхетам босса беш мискачу шен лешна,
Волийла къинт1ера, къиношна   геч  деш.

Дац шуна х1ар дуьне ма моьтта мехалла,
Дац шуна х1ар дахар шен динах  хийцала,
Кхетаме хила вай хьаг1 - гамо эккха яй,
Х1орамо коьртера вон ойла ц1ана яй!


Рецензии
Говзачу дешнашца назманан кепехь язбина вайна массарна дика хьехам бу ахь бинарг. Дала Шен дуьхьа дойла!
Ларамца,

Асламбек Гайтукаев   03.03.2021 19:12     Заявить о нарушении