***

Ас хьоьца ч1аг1дийр ду доттаг1ийн генаш,
Ч1аг1бийр бу дуьненахь доттаг1ийн мур.

Дешнашна ца кхоъдеш итт эзар элпаш
Совг1атна лур ма ду ч1аг1онан тур.

Хьоьх лаьцна язйийр ю б1е эзар байташ,
Зорбане хоьцур ду дийцарийн сурт.

Берриге бахамал хьо еза хетта,
Сай дагчохь доьг1на ас хьан ц1арах чурт.

erna.du
11.08.20г.


Рецензии