Сан до1а обращение к Аллах1у

Я Аллах1 дика Дела! 
Ас доьху  хьоьга  кху т1е дог1учу керлачу  шарахь:
хьастахь тхан миска дегнаш,айбахь тхан ц1ен ойланаш,
те дехь тхан синтем боцу синош;
диц дехьа гина вонаш, лохь тхуна а ,тхан доьзалшна  могшалла,
ма гайтахь йиш-веши сингаттам, Я Аллах1 Дела!
Лохь парг1ато дерриге тхан мискачу къоман, тхан  бусулба вежаршан,
хьайн цхьан 1ибадат деш болчу  хьай г1ийлачу лейшан.
Дехь беркате х1ар т1е дог1у керла шо, бехь хьай бан   йиш йолу къинхетам,
тхан къиношан геч дехь,тхан мискалле  хьажий, Я аллах1 Дела!
Хьан дикаллех, хьан комаьршаллех дог доьзан 1аркх тхо,
дуьнен чу хьойзан лазар-балий ахь д1аэцре сатуьйсуш,Я Аллах1 Дела!
Валахь тхун к1инт1ира, геч дехьа тхан къиношан,
хьа  г1ийла лай даркх тхо, дуьнено зуьйш, шайт1ано 1ехош, тилийн лелош!
Лохь тхун парг1ато, могшалла, шера маршо,
хьан ц1е йохар яркх ох даимна,
дуьнен урх жимма д1а хецца, нийса некъ схьа лаьц,
ц1енч ойланций-дагций г1улч йоккхуш,йисан хан чекх йоккхуш,
х1ора керла дог1учу шеран, ахь елчу х1ор минотан, замана сий деш.
Лохь сан до1ан жоп, Я Аллах1 дика Дела!


Рецензии