Марша да хьо, Керла шо!

Марша да хьо,Керла шо,
Дела  дикнах  теша  тхо,
Беркат,маршо тхуна йохьуш,
Дохьуш ц1ена сирла ло!

Марша  да  хьо,Керла шо,
Могшалла йохьуш Нохчийчу,
Тхан ойланаш парг1ат йохуш,
Йовхо  юьллуш дегнаш чу!

Марша да хьо, Дог1у шо,
Дохьуш дарба диц дан во,
Чевнаш ерзош,хьостуш дог,
Дахар тадеш,хоттош ког!

Марша да хьо,Маьрша шо,
Дерриг  дика  хьоьца го,
Дела дикнах дог ца дуьллуш,
Хьо т1е эца  дохку  тхо!


Рецензии