Декъал хила хьо, са да

Декъал хила хьо, са да,
Кхайкхаз кхечи  1ожалл схьа,
Базза дахарх 1аббалц к1урд,
Къайла дели  хьан хаза сурт.

Гина цхьа а диканиг дац,
Жимчахь хилла бералла яц,
Махках доккхуш къам доьлхучахь,
Кийра 1овжош велхаза вац.

Декъал хила хьо, са  да,
Вицлур вац хьо дагна цкъа а,
Ахь тхо бахьнехь идийна аре
Пана яьлла,лаьтта ша.

Хьоьл дика да хир а вац,
Хилла аьлча а ,тешар яц,
Хьан доьналла,хьан адмалла
Цхьанне хумнах юстар яц.

Декъал хила хьо, са  да,
Хьан дикалла хьийза схьа,
Дагчохь йисна ц1ена ойла
Коьрте хьийза гуттар са .

21.12.2020год


Рецензии