Хьоьга болу безам

Сан дагна хилла чов ерзо,
Воьвзина хилла хьо суна.
Деригге сан сина самукъа,
Хьан б1аьргаш чохь карийра суна.

Де-дийне мелл долу,
Ч1аг1луш сан безам,
Даго хьоьга маьхьарца кхойкхуш,
Дехар деш, йиц ца яр доьхуш...

Х1инца хьоьх ялалур йоцуш,
Дахаро цхьан тоьхна вайша.
Хьо вовзале лайна халонаш,
Г1ан хилла, диц делла–д1а дели.

Теша, ас ирсе хьо вийра ву,
Хьан бала ас сайна т1е лоцур бу.
Оьшучохь, ахь кхайкха соьга
Даиман хьан 1индаг1 а хилла,
Со уллехь хира ю хьуна!


Рецензии