Дага дог1ий хьуна

Даг дог1ий хьуна, вай ирсо хьоьстуш?
Вай безамах хьоьгуш ма дара ирс а.
Вайша доцуриг дуьнен т1ехь адам ца гуш, Дехаш ма дара, безам а буьйцуш...

Вайша хийла лийлира б1аьргаш д1акъевлина,
Вовшашна гича, са акха даларна кхоьруш...
Вайн безам ма бара, массарна бевзаш,
Ас хийла и бийцира, буьйсанна седане.

Х1инца вайша цхьаьна доцуш, т|е кхечи гуьйре,
Доьг1на ца хилла-кха вайша дуьненахь вовше,
Д1асскъаста дийзира, бух боьхна буьйжира,
Бийца мотт белар-кха оцу стиглане,
Хьо вуьйцур вара ас, б1аьргаш а делхош...

Дага дог1ий хьуна, ахь бехира соьга:
«-Хир ву со уллехь, ахь дог ма дилла,
1ожалла йоцуриг, яц вайна дуьхьало...»
Со тешна яр хьуна, хьан х1ора дешнех а!

Дийнахь а буьйсанна, массо а ханна,
Ха'алахь, сан до1анаш, хьуна лерина дуйла.
Ас Деле доьху, хьо даима ирсе хилийтар,
хьайн йоьг1начунца!


Рецензии