Хадийна зезаг

Другой вариант


Зезаг схьахадийна, орамах доккхуш,
Экаме г1ад къиза иралло лазош.
Техкар дац бацалахь, шен хьожа яржош…
Кхаби чу дерзийна, цхьа х1усам хазъеш.

Мелачу мохо ша эсала эгош,
Кхин техкар дац иза, малхе г1а кхийдош.
Хазачу хьожанах  1еха а белла,
И хьаста бог1ур бац бос хаза полла.

Ц1еххьана д1ахеди исбаьхьа илли,
Зезаган дахар, хьо ма доца хили.
Декъазчу йо1а ен ойланаш санна,
Лаьтта к1ел ма йирзи зезаган хазна.

Зезаг схьахадийча делла д1а долу
Декъа жаз когаш к1ел бос байна 1уьллу.
Кху лаьттан бухахь шен орамаш дисча,
И юха денлур ду, цо марг1ал тесча.

Азман Джабраилова


Рецензии